ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

500 тIеман ветеран ша-шена тоьхна велла Украинехь шина шерачохь


Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена даржийна терахь тергоне эцна дуьненан прессо – цо бахарехь, Донбассерчу тIемашкахь дакъа а лаьцна, цIабирзинчу украинахошлара шаьш-шайна тоьхна велла 500 гергга стаг.

Хьал ветеранашна хуьлучу стрессашцаца дузу Аваковс. ТIамера цIабаьхкинчара шаьш хьийзадо аьлла,20I5-чу шарахь полице арздинчу доьзалий терахь 8-за совдаьлла, иза Украинана глобалан проблема ю, боху министро «Украинская правда» газетехь.

280,5 эзар Донбассерчу тIеман ветеран ву Украинехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG