Адыгейхь Тахтамукайн кIоштан дешаран декъан коьртера Паранук Светлана йохийна иза шен школа йоккхучу йоьIна ца йогIуш дашо мидал елла аьлла бехкейинчул тIаьхьа.
Дешна яьлча шена кхачийна лаккхара совгIат схьаоьцучу барамехь Туко Рузаннас шеца дешначарна а, церан гергарчарна а хьалха далхийнера шеца классехь дешначу оцу хьаькаман йоьIна Паранук Заирина дашо мидал ца йогIуш елла, иза яцара дика доьшуш, аьлла.
Тахтамукай кIоштах ханна жоп лучу куьйгалхочо Кумпалов Мурата леррина комисси а хьажийна, теллина Рузаннин арз, иза бакъ а еш, коррупцин декъахь хиларна, шен берaна озабезам барна, аьлла, балхара дIаяьккхина Паранук Светлана, хаамбина «Адыгея» телеканало.