ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киев: Путин ГIирме вар Украина цаларар ду


Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралло бехкбиллина Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна Киевна хаийтар а доцуш ГIирме вахарна.

«Украинан агIоно Оьрсийчоьнан куьйгалхой ханна оккупацехь йолчу ГIирме а, Севастополе а лелар пачхьалкхан суверенитет шогачу хьесапехь талхор лору», - боху хаамо.

Итт де хьалха Казахстане а протестан нота хьажийна Киево Украинан карта тIехь ГIирма а йоцуш арахецарна. Суьртийн «Астана Арт Фест» гайтамехь хьалаоьллинчу Украинан карти тIехь ца йиллина ГIирма, амма хилла иза Оьрсийчоьнан карти тIехь гайтина.

ГIирмехь дIаяьхьна референдум лараме яц дуьненаюкъарчу политикехь, цунна Оьрсийчоьно аннекси йина лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG