ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIера маьждиг юхадала реза вац мехкан да


Битаров Вячеслав, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо, реза ца хилла БуритIера бусалбанашкара советан Iедало дIадаьккхина хиллачу маьждиган гIишло юхаяла, хаамбо "15-й регион" портало.

Кегийрхошца къамелдечохь цхьана къоначу бусалба стага, маьждигаш ца тоьа, бусалба умма кхуьуш ю, аьлла, дехна куьйгалхочуьнга Кировн урамера планетарий шех йина хилла маьждиг юхадалар.

«Иза историн битам бу, гIишло советан заманахь дуьйна планетарий санна евза, со и планетарий меттахIотто воллу», - аьлла Битаровс.

Къоначу бусалбанаша дехардеш кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президенте и гIишло маьждигна юхаерзор доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG