ТIекхочийла долу линкаш

ХIусамийн сертификаташ елла Оьрсийчоьнан эскаршкахь а, полицехь а байинчийн Нохчийчуьрчу 222 доьзална. Уьш дIаяла веъначу къинхьегаман министро Ахмадов Мохьмада довзийтира Оьрсийчоьнан цхьаалла чIагIъеш беллачийн доьзалшна Кадыров Рамзанан администрацино бечу аьттонех лаьцна.

2007-чу шарера схьа иштачу 1129 доьзалан хIусам тойина Iедало.

«ХIоразза а эгначийн доьзалшца къамелдеш, хала ду уллехь лаьттина, маршонехьа, нохчийн къоман диканехьа майра летта къонахий бац бохург тIеэца», - элира барамехь дакъалаьцначу парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

XS
SM
MD
LG