ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхошкелдарчу ЭскиевгIарах ду некъахьовзамехь делла да-нана а, бераш а


Юьхьанца "Комсомольская Правда" газето некъан полицин хьостанашкара баржийначу хаамехь дара, Ставропол-махкахь яхначу буса 3 сахьт даьлча некъахьовзамехь 33 шераш долу да-нана делла, церан ши бер лазийна, аьлла.

И хаам билгалбаьлла кIиранан сарахь.

"Шевроле Каптива" машенахь Францера богIуш, шайн йоцчу некъан асанна тIе а бевлла, езачу "МАН" машенна духьалнисбелла доьзал. Оцу бохамехь да-нана кхелхина ца Iа, делла 9 а, 10 а шеран долу ши бер.

Дарбан цIийне диллина кхин а ши бер - 12 шарера яьлла йоI а, 4 шо кхаьчна кIант а.

Маршо Радион хьостанаша билгалдаккхарца, белларш бу Францера марха даста даймахка богIуш хилла Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан Кхошкелдара ЭскиевгIар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG