ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева: "Кадыровс нуькцъаша хьийсина нохчий Донбассе"


Ukraine -- Aminа Okuyeva wife battalion commander, International peacekeeping battalion press officer named Johar Dudayev
Ukraine -- Aminа Okuyeva wife battalion commander, International peacekeeping battalion press officer named Johar Dudayev

Украинерчу Донбассехь конфликт иккхичхьана Нохчийчуьра нуьцкъаша эскархой хьийсабора цигарчу тIаме.

"5 канал" телехьожийлана еллачу интервьюхь дийцина цуьнах лаьцна украинахошкахьа тIемаш бечу Окуева Аминас. Цо бахарехь, Кадыровс шен элитан спецназан тIемалой ца бохуьйтуш, могIарера нохчий дIахьийсабора тIаме.

"МухIажирийн каппашкахь, ур-аттала Европехь а бехачу нохчаша тоьшаллаш до, етта а етташ, шаьш Украинерчу тIаме хьийсош хиларх КадыровгIара вовшахъеттачу тобанашкахь".

Шена тешаме, гергара, ша ларвен элитан эскарш ца хьийсина мехкан куьйгалхочо Донбассе.

Дукха хьолахь, хенаш йиттина чохь бахко нах хьежийна Украине, церан набахтехь йоккху хан яцйийр ю шаьш бохуш.

Карарчу хенахь Донбассехь оккупанташкахьа тIемаш беш къаьстина, цхьаболу нохчий бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG