ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ойсхарахь 11 дийнахь 30 цIа дIахIоттийна


Гуьмса-кIоштарчу Ойсхарахь марха достучу деношкахь дина девлла 30 керла цIа. REGNUM агенталло хаам барехь, 11 дийнахь ирахIиттина и гIишлош. ТIеман гIуллакхаш кхочушдечу хенахь вийначу ницкъаллийн структурийн белхахочун Бениев Лом-Iелин цIе тиллина оцу урамна.

Iер-дахаран массо а кепара коммуникацеш тIетийсина цIеношна - газ, хи, ток.ХIусамдайн оьшур дац шайн чоьтех чохь оьшу йийбар эца а, Iедало мел оьшург дIахIоттийна, хIусамашна тIебоьлху некъаш дехкина, лаьтта плитка а юьллуш яздо REGNUM агенталло.

Регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтех дина цIенош, дуьйцу агенталло.

Карарчу шарахь боккха тидам Ойсхарна тIебахийта Iалашо лаьцна махкарчу Iедало. Ишта сацам бу цу юьртахь керла дарбан хIусам а, културин цIа а, бассейн цхьана йолуш спорткомплекс а, стадион а, 5 эзар стаг чутарлуш маьждиг а дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG