ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха даста ца кхиина мел сихбеллехь...


Боккха бохам беъна кху деношкахь Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а шина доьзале. Мархийн бутт чекхабалар даздан цIа богIуш хиллачу шина некъан бохамехь велла мел лаххара а бархI стаг. Машенаш чохь хилла цхьадолчу берашна чевнаш а хилла.

Дуьххьара бохам хилира ХIирийн махкахь Эльхотово олучу эвлана уллехь дIабоьдучу федералан некъан тIехь. Москохара даздаршка сихбелла богIу ГIалгIайчуьра бахархой чохь болу машен духьал йогIучуьнах кхетта, цу чуьра зудий, стаггий, церан берашший деллера.

Цхьа йоI лазийна дарбан хIусаме кхачийна. ХIинца а иза вочу хьолехь ю. И доьзал Оьрсийчохь вевзачу гIалгIайн адвокатан Плиев Мусан чуьра гергар нах бу.

Бохам хиллачу шолгIачу дийнахь кхин цхьа сингаттам иккхира. Ставропол кIоштерчу новкъахь Францера цIабогIу нохчийн доьзал машенаш дуьхь-дуьхьал кхетаран бахьанашца белла -дай, наний, ши беррий.

И некъан бохам дукха тIех сов кIоршаме хиларна, Ставропол кIоштан ГАИ-н куьйгалхочо цига а веъна дIахьедар дира. Цо официала хаам бира бехк веллачу нохчочун бу аьлла.

ГАИ-ГИБДД-н хьаькам: "Ши машен дуьхь-дуьхьал кхетта, некъан бохам хилла. Шевроле «Captiva» машен дуьхьал болчу некъан тIе а яьлла «MAN» олучу машенах кхетта. Цкъачунна къастийна бахьан – машен лелочунна наб кхетар".

Марха даста я Керлачу шеран даздаршка цIакхача новкъа бевлачохь некъан бохамаш гуттар хуьлуш бу. Кху деношкахь леррина Марха даста, шен гергарниш декъалбан цIавеъна Москохара «Коммерсант» газетан корреспондент Мурадов Муса. Цо а боху, иштта цигара цIабогIуш дуккха а доьзалша бара аьлла.

Мурадов: "Кхана Марха досту аьлча, со а вара новкъа ваьлла сайн накъостца. Новкъахь дуккха а машенаш яра вайниш чохь а болуш. Тхо Ростов-гIала кхаьчча, марха даста сецча, цигахь дуккха а бара тхо санна сецна дуккха а бераш шайца а долуш".

Оьрсийчоьнан регионашкара хьажхIотта цIаоьхучарна кху шерашкахь тIекхетта Европерчу пахчьалкхахь беха нохчий а. Шайна дIасабаха кехат каракхаьчча, берашца машенашца цIабогIу уьш а.

Некъан бохамашкахь цхьана доьзалера ша верриг леш меттигаш дукха хуьлу. Иттех шо хьалха иштта велира Керлачу шарна цIавогIуш Маршо Радион Москохара корреспондент Яхиев Сайд-Iусман а.

Цуьнан машенчуьра иза а, хIусамнана а, бераш а делира, цхьа жима йоI йиссалц.

Мурадов Мусанна хетарехь, цIерпоштан а, хIаваъкеманан а билетийн мехаш дукха лакхара болу дела, нах машенашца оцу бехачу новкъа бовлу.

Мурадов: "Москохахь а, кхечу меттигашкахь а беха нах цIерпоштаца а, хаваъкеманца а цIабахка тохабелла. Амма билеташ деза долу дела машенашца богIу уьш. Ткъа некъ беха ма бу: Москохара 2 эзар чакхарма кхоччуш ю".

Мархаш достучу деношкахь Нохчийчохь а, ГIалгIайн махкахь а некъаца долу хьал чолхе доьрзу. Дукха а бохамаш хуьлу. 2006 шарахь оцу 2-3 дийнахь цхьана ГIалгIайн махкахь 20 стаг вийра ишттачу хьолехь.

Ишттачу бохамийн терахьаш лекха долу дела, хIора шарахь оцу даздарийн юьххьехь, къаьсттина ГIалгIайнчура Iедалша кхайкхамаш а, дехарш а до машенаш сиха ма хехкахьара, некъан низамаш доха ма дахьара олий.

Цуьнах кхин гIуллакх а ца хилла, кху шарахь хIора коьртачу некъашца чIагIамаш бинера полисхоша, шайца уллехь лаьтташ лоьрийн машенаш а йолуш.

Нохчийчохь-м некъаца болу чIагIамаш дIабевлла а бац. Хьалха ма хиллара болх бира полисхоша, цундела ур-аттала кхерамазаллан доьхкп тесна воцург а гур вацара кху деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG