Pew Research центран социологийн лараршца, Трамп Дональд президент хIоьттичхьана Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн имидж цIеххьана телхина дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь.
Обама Баракъан хан чекхйолучу хенахь кхечу мехкашкарчу 64 процент респонденташа волчу президентах шаьш тешаш хилар хаийтира. Тахана 22 проценте охьадаьлла терахь.
Кура, собаре воцуш, кхераме ву олу Трамп дукхахболчу кхечу пачхьалкхашкарчу бахархоша.
25 процентна хетарехь, Трамп шен квалификацица вогIуш ву ша дIалаьцначу даржехь. 55 процент респонденташа хадам болуш куьйгалхо ву аьлла Трамп. 39 процентна харизма йолуш президент хета.
Европан, Азин мехкашкахь, Мексикехь, Канадехь къаьсттина йоьжна Трампан рейтинг