ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram бехкейо хуьлучу теракташна


Охан-баттахь Петарбухахь динчу терактна кечам бечу хенахь къаьсттина террорхоша пайдаэцначех ю Telegram мессенджер. "Интерфакс" агенталле ФСБ-н юкъараллехь зIенаш латточу Центро бина и хаам.

Цара чIагIдарехь, Telegram лелийна террорхочо-Iожалхочо а, цуьнан гIоьнчаша а шайн зуламе ойланаш къайлаяхьархьама аьлла, билгалдоккху ФСБ-но.

Хьалхо Роскомнадзоран куьйгалхочо Жаров Александра и мессенджер кхоьллинчу Дуров Павелна тIедожийра, Telegram информаци яржош хилийтар, кхечу кепара хилахь шаьш блок хIоттор ю аьлла, кхерамаш а тосуш.

Цунна жоп луш, Дуровс дIахьедира, шен мессенджер къовларх террорхойн Iалашонаш чолхе евр яц, блок хIоттош, терроризм иэшон гIертахь, йоллу интернетна хIотто еза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG