ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но лаьцна Бекмурзаев бехке вац боху гергарчара


arrest handcuffs
arrest handcuffs

17 шо хьалха кхо полисхо вийна аьлла, бехке а вина Iедало лаьцначу шайн стагах Бекмурзаев Расамбеках цхьана а кепара хаам боцуш саготта бу цуьнан гергара нах. ФСБ-н белхахоша лаьцна вигина ву Бекмурзаев аьлла "Кавказан узел" агенталле нохчийн полицино. Кху беттан 21-чу дийнахь къайлахчу сервисийн белхахоша лаьцна Хьалха-Мартанахь Бекмурзаев Расамбек.

Талламчаша чIагIдарца, ницкъаллийн структурийн кхо белхахо вийначул тIаьхьа эцна Бекмурзаев воьвзачу тIеман буьйранчан Бараев Iарбин тобан юкъа. ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь таксхо болх беш вара лаьцнарг.

Социалан машанашкахула Бекмурзаевн хIусамнанас кхайкхам баржийна мехкан куьйгалхочуьнга, шен цIийнда бехкецахиларх а, берийн да хIусаме юхаверзош гIо дар а доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG