ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадаев Зауран ваша ца теша кхело нийсо лелор ю аьлла


Немцов Борис верна бехке хеташ, лаьцна латточу Дадаев Зауран ваша Дадаев Шарудди вистхилла журналисташка шинарийдийнахь кхелехь. "Кавказан узел" агенталло бо и хаамаш.

Шен вешин адвоката Прохоров Вадима Нохчийчуьра Iедалера нах лебан кхеле бало беза алар критике а доккхуш, цо дIахьедина, шен ваша зуламна бехкецахиларх.

"Нийсонца кхел йийр ю аьлла ца теша со, амма сан дегайовхо ю бехккъасточара харцо лелор яц аьлла", дIахьедина Дадаев Шаруддис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG