ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтон: Путинан рейтинг лакхара ю Iамеркан президентца дуьстича


Вашингтонерчу Пью талламан центро пхеа континентера 37 пачхьалкх юьхьар а лаьцна бинчу хаттамца, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире бахархойн болу тешам лаккхара бу, Iамеркан президенте Трамп Доналде болучул а.

Хаттамехь дакъалаьцна 40 эзар вахархочо. Царех 27 проценто шаьш Путин Владимиран дуьненаюкъарчу политикана чIогIа реза а ду, цунах теша а теша аьлла, хаийтина.

Ткъа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентна Трамп Доналдна резаболчийн терахь 22 процент бен дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG