Нохчийчоьнан прокуратура тIекхиина, 2012-чу шарахь тIепаза яйначу махкарчу яхархочун Абубакарова Мархин духе а кхиина, хьакъболлу сацам тIеэцна цахиларна.
Зуламан бехктакхаме гIуллакх оцу хьокъехь айдарехь дуьхьало йина, сецна яра и процесс хIинццалц.
Прокуратурано кху деношкахь и сацам низамашца бIостане а лерина, махкарчу Талламан комитете кховдийна кхи дIа листа а, талла а.
ГIуллакх таллар а, зер а прокуратурано шен леринчу тергонехь латтош ду аьлла яздо прокуратуран сайтехь.