ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram-на Оьрсийчохь регистраци ян реза ву Дуров


Оьрсийчохь информаци дIасаяржочу реестрна Telegram мессендежер юкъаяхийта пурба делла иза схьайиллинчу Дуров Павела.

Оцу юкъанна, Дуровс дуьхьалойина Яровая Иринин "антитерроран низамаш" кхочушдан. Цуьнца а догIуш, Telegram-о тIе ца дуьту шех пайдаоьцучех хаамаш а, цара вовшашца дина йозанаш а Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна довзийта. Оцу низамаша, Дуровс бахарехь, Оьрсийчоьнан конституци талхайо, адамийн дахарна юкъа а гIерташ.

Дахначу кIиранах Роскомнадзоро кхерамаш тийсира Telegram мессенджерна блок тухур ю шаьш аьлла. Оцу урхаллан куьйгалхочо Жаров Александра, мессенджерна Оьрсийчохь регистраци яр тIедожийнера Дуровна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG