ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 балл яьккхина ЕГЭ-хь нохчийн дешархочо


Кадыров Ахьмадан цIарахчу дешаран Центран дешархочо Цуцаева Каринас оьрсийн меттан пачхьалкхан экзаменехь 100 балл яьккхина. Уггар тоьлла жамIаш гайтира Каринас хьалхо математика дIалуш 92 баллаца.

"Дукха хан яра ас кечамаш бен. Школехь урокаш чекхъевллачул тIаьхьа а, сайн хаарш лакхадохуш, къахьоьгура ас. Со йоккхае сайх тешаш хилла сайн да-нана а, хьехархой а юьхьIаьржа ца хIоттийна", аьлла Цуцаева Каринас.

Билгалдоккху, оьрсийн меттан экзаменехь махкарчу 1060 бахархоша хушара 70 сов баллаш яьхна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG