Нохчийчуьрчу Итон-Кхелахь рейдаш дIаяьхьина некъан полисхоша. Цара тергоне эцна машен лело бакъо хилар, магийначчул бен машен чехка ца хахкар, кхерамзаллин доьхка дIатесна хилар, некъан низамаш лардеш, билгалонашца лелар а аьлла махкарчу некъан полицин урхаллан хьаькамаша ChechnyaTODAY ресурсе.
Цхьана дийнахь долахошкара схьаяьккхина 10 машен, низамаш талхоран бахьанашца 16 вахархочунна гIуданаш диттина.