ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра 39% бахархой къен бу


ХIора Оьрсийчуьра 10-гIа вахархо халачу хьелашкахь веха, ца тоьаш ахча, ур-атталла юучунна-молучунна а. Цуьнан тоьшалла даладо Ерригоьрсийчуьрчу юкъараллана хетарг зуьйчу центро (ВЦИОМ).

29 процент бахархошна юучунна ахча тоаме хуьлу, тIедухучуьнца гIело лаьтта шайгахь аьлла.

Шаьш оьрсаша мукIарло а деш, 39 процент нах бу къоьллехь бехаш. 2009-чу шарахь динчу зерашца дуьстича, терахь тIехсов даьлла.

ВЦИОМ-ан социологаша даредарца, бахархойх 3 % бен ца аьлла, мичча даха а, хIуъа а дан а, яа а, мала а таро ю шайн аьлла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан Ахчан ларам бечу комиссин куьйгалхочо Голикова Татьянас дIахьедира, пачхьалкхехь 22 миллион стаг къоьлла ловш веха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG