ТIекхочийла долу линкаш

Страсбургехь нохчийн, Iаьрбийн кегирхой летта кхааридийнахь. Цу гIалин Hautepierre цIе йолчу кIоштахь тийсалуш хилла кегирхой Iедалан белхахоша дIасакъастийна, амма дов, Маршо Радион хьасташа чIагIдарехь, хIинца а дирзина дац дов.

ХIун къовсам хилла нохчийн, Къилбаседа Африкера орамаш долчу Iаьрбийн кегийчу нахана юккъехь цкъачунна билгал хууш дац. Ютюбехула гайтаме яккхинчу „Страсбургехь къастораш“ аьлла цIе йолчу клипехь цхьана жимчу стага кхайкхам бо, Страсбургехь тийсадаларш хилла шайн, шаьш, нохчий, кIеззиг бен бац, ткъа „уьш“ - цо ма-аллара, - дукха бу, цундела шайна гIоьнна тIедуьйла, бохуш.

Интернетехь яьржинчу версица, цхьа нохчийн жимстаг хилла маьждигера шен машенахь цIавоьдуш, ткъа цуьнан новкъахь нисбелла корта бахош долу молхнаш духку Iаьбийн кегирхой. Некъ бихкина лаьттачу цаьрга ша дехьавалийта аьлла, сигнал тоьхча, иза ца дезаделла болу уьш цунах летта.

Ткъа и хилларг нохчашлахь гучудаьлча, цара Iаьрбашна дуьхьал йиттина. Иштта цунах хIинца доккха дов хилла. И верси, хьахийна ма-хиллара, интернетехь нохчашна юккъехь йийцаре еш ерг ю, ткъа бакъдолчехь цигахь хилларг хIинца а хууш дац, хIунда аьлча, Страсбургерчу полицин декъахь Маршо Радионе хилларг прессица болх баран декъо баржийначу хаамера схьаэца, элира.

Францехь бехачу нохчийн диаспорин жигархошца зIене елира Маршо Радио хилларг къасторхьама. Ниццерчу маьждиган имам а волуш, цигарчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхочо Магомадов Рамзана а тIечIагIира шен къамелехь, хиллачун бакъдолу бахьанаш цкъачунна девзаш ца хилар, нохчийн кегирхой цу хиламо вуно чIогIа сийсош, карзахбаьхна хилар бен.

Магомадов: „Карарчу хенахь тхуна хууш долу сурт иштта ду – вайн кегий нах кхайкхамаш беш бу, схьагулло боху, ткъа баккхийн нах кхайкхамаш беш бу, ларло, питан ма далийта бохуш. Ши тоба ю цигахь леттарг, Iаьрбийн, вайнехан. Полисхой юккъе а гIоьртина дIасабаьхна уьш. И дов хьалхехьо доладаллачух тера ду, амма латарш селхана хилла цигахь".

Магомадов Басхана дийцарехь, карарчу хенахь Францера нохчийн къомах баккхиййнаш хиллачун тIаьхьакхиа а, дов кхин кIарг ца далийта а Iалашонца, дагадовларш дIахьош бу. Тховса сарахь кегирхойн вовшахкхетар девне а, латаршка а ца дерзийта къахьега дагахь а бу.

Магомадов: „Iедалца листа дезаш ду вайн кхузахь гIуллакхаш, вайгара хIумнаш а ца лелош. Иштта иза дIасадаржош, зIенаш еш бохкуш бу кхузара баккхийнарш. Оцу зуламнаа сагатдеш бу баккхийнаш. Кегий нах гIарчI олий чухьолху, уьш хIора а шеца-шеца зIене вуьйлуш, сецийна а ца волу хьо“.

Цу юкъана бен-бен ду Iаьрбийн, нохчийн латаршкахь лазийначех долу хаарш. Маршо Радион хьостано чIагIдарехь, лазийнарг цхьаъ ву – вайнехан жимстаг.

Цуьнгара хьал карарчу хенахь дика ду аьлла а хаийтира хьостано. Цо иштта дийцира тасадаларшкахь герз дIасадеттар а нисделла, амма иза цхьанна а кхетта дац, аьлла.

Страсбургера Iоттабаккхам шен тергонехь латтор бу Маршо Радионо кхин дIа а.

XS
SM
MD
LG