ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарера тоба еана Нохчийчу, цигахь бакъонаш ларйой хьажа


Оьрсийчуьра Швейцарин векалтера белхан хьокъехь делегаци кхаьчна Нохчийчу. Тобан хьалханча, посол Россье Ива цхьанакхетта мехкан урхаллан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан векалшца. Россье шолгIа веана Нохчийчу. Кху шеран юьххьехь хIотийна иза посолан дарже.

Кхеташонан куьйгалхочо Алиев Тимура дийцарехь, Европехь Нохчийчохь бакъонаш ларъеш яц, и регион кхераме ю боху дийцарш мел бакъ ду хьажа Iалашонца баьхкина Швейцарин векалш махка.

Иштта Швейцарин векалша дIахьедо, юкъараллехь радикализаци ца яржийтархьама Нохчийчоьнца цхьана къахьега а лаам шайн хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG