ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьххьара Европарламентан коьртехь лаьттина Вейль кхелхина


Францин политик, дуьххьара Европарламентан коьртехь лаьттина зуда Вейль Симона кхелхина аьлла, хаамбина LeParisien агенталло.

1944-чу шарахь Францина нацисташа оккупаци йинчу заманчохь, концентрацин лагере хьажийнера Вейлан боллу доьзал. Нана елира, доьза вайра да а, ваша а. Концлагерера маьршаяьккхинчул тIаьхьа Францин юридикан министраллехь болх бина цо, иштта зударийн бакъонашкахьа узуш, къийсам латтабора, набахтешкахь болчера а цхьаьна.

70-чу шерашкахь Францин могушаллин министраллан урхалле хIоттийра Вейль Симона.

1979-чу шарахь Европан парламенте харжамашкахь куьйгалхо къастийра иза. Оцу дарже хIоьттинчу зударех хьалхара хилира Вейль.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG