ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 40 градусе кхаччалц йовхо лаьттар ю аьлла синоптикаша


Кху беттан кIирандийнера шинарийдийне кхаччалц Нохчийчуьрчу къилбаседанехь 40 градус гергга йовхо лаьттар ю аьлла, хаамаш баржийна регионерчу орцан министралло. Бахархошка доьху оцу температурех лардалар, сирлачу беснашкахь хIаваъ чекхдолу духар тIедухар, коьртахь хIума лелор а.

Иштта йовхачу деношкахь меллаша дIасалелар а, сих-сиха IиндагIе вийлар а гIоле хир ду аьлла орцанхоша. Ма мийла боху пиво а, корта бахо хиш я молханаш а, цара дегIера хи дIа а узий, могушаллана тIеIаткъам баран кхерам хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG