ТIекхочийла долу линкаш

Маршо Радион Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостано даредарца, махкахь байначу баттахь доьза вайна 12 стаг, царна юкъахь 2 бер а ду. Куьйгбехкениг мила ву а ца хууш вийначу 4 стеган декъий карийна тайп-тайпанчу кIошташкахь.

Некъахьовзамашкахь велла 8 стаг. Хенал хьалха кеп-кепарчу бахьанашца велларг ву 101 вахархо. Шо додаделчхьана махкахь вийна 21 стаг. Могушаллина даккхий зенаш дина 34 стагна. Хьийзийна ши зуда. 100 сов лело бакъо йоцу герзаш даьхна бахархошкара, лачкъийна йигина 16 долахочун машен.

XS
SM
MD
LG