ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 48 сахьтана яхйина Катарна кхайкхийна ултиматум


Катар.
Катар.

СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхо а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташа а, Мисаро а, БахIрейно а кхин а 48 сахьтана яхйина шаьш Катарна кхайкхийна ултиматум. И сацам бина оршотан Iуьйранна, юкъаралла лелочу Кувейтан дехарца. Катаро (коьрта гIала Доха) жоп дала дезаш яра Товбеца-беттан 3-чу дийнахь Iуьйранна.

СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхо а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташа а, Мисаро а, БахIрейно бехке йеш ю Катар, терроризмана гIортор ярна. И бахьана долуш цара цхьана ханна совцийна шайн Дохаца йолу дипломатин а, экономикан а уьйраш.

Цу еъа пачхьалкхо ултиматум кхайкхийна Катарна "Аль-Джазира" телеканал дIакъовла, ГIажарийчоьнца юкъаметтигаш лелор сацаде аьлла. Цул сов лулахошна хетарехь, Катаро дIакъовла езаш ю шен территори тIехь йолу Туркойчоьнан тIеман база, туркошца тIеман юкъаметтигаш лелор саца а деш.

Туркойчоь тIехIоьттина Катарна цуьнан лулахошца иккхинчу конфликтехь. Кризис йолаеллачул тIаьхьа туркойн авиабазехь дIатарбина керла тIеман ницкъаш а, тIеман техника а.

Катаран лулахой кхерамаш туьйсуш бу, шаьш цунна дуьхьал керла санкцеш кхайкхор ю бохуш.

Дохана хетарехь, Iаьрбийн еъа пачхьалкхо цунна дохкуш долу бехкаш бух боцуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG