ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сбербанкера ахча даккха гIерташ хилла Нохчийчуьрчу парламентан спикер


Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд) 30 миллион сом ахча даккха гIоьртина Сбербанкан республикерчу декъан куйьгалхочуьнгара, хаам бо «Кавказ.Реалии» портало, шен Москох хьастана тIе а тевжаш.

Иза цо дина Мангал-бутт юккъебаьлчхенахь, уллехь Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун когаметта Алаудинов Апти а, Нохчийчоьнан коьрта прокурор Абдул-Кадыров Шарпуди а волуш, Грозный-Сити хIусамехь бизнес-центр чохь йолчу республикан Iедалан ден хьалхарчу когаметтан Закриев Якъубан кабинет чохь.

И нах гаранти яла безаш хилла, Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун Джабраилов Сайд-Мохьмадана дуьхьал тIемалошна накъоасталла дина хила мега аьлла шеко йолуш бехктакхаман гIуллакх долор хиларан, нагахь иза ахча дала реза ца хилахь.

Джабраилов и ахча дала реза а ца хилла, цхьана ханна мукъа денош а эцна садаIа вахана. Амма иза республикера дIаваханчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Iедалша иза сихха федералан лехаме велла.

Сбербанко цкъачунна цхьа а реакци йоцуш дитина Нохчийчуьрчу парламентан спикеро лелийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG