ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асад Башаран сурт тIехь долу ахча арахецна Шемахь


Асад Башаран сурт тIехь долу кехатан ахча арахецна Шемахь. Асадан портрет диллина ду 2000 Шеман фунта (4 доллар гергга) тIехь.

Цу пачхьалкхан коьртачу банко бинчу хаамца, и ахча лелар ду Димашкехь а, кхечу цхьамогIа провинцехь а.

Башаран сурт тIехь долчу банкноташна зорба тоьхнера масийтта шо хьалха, амма хIинцца бен лела ца дуьйладелла уьш.

ХIинццалц уггаре доккха ахча дара Шемахь 1000 фунт. Цунна тIехь дара 1971-чу шарахь дуьйна 2000-шаре кхаччалц цу махкана урхалла динчу Асад Башаран ден – Асад Хафезан сурт.

ТIом болалуш цхьана долларан мах бара 50 гергга Шеман фунт. ХIинца цхьана долларх ло 500 фунт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG