Некъашкахула леларан бакъонашна тIехь хийцамаш беш сацам тIеэцна премьер-министро Медведев Дмитрийс. Цунах лаьцна хаам бо «Медуза» сайто.
Бинчу хийцамех лаьцна текст зорбане яьлла Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан сайта тIехь. Керлачу редакцехь, масала, магош дац 7 шо кхачанза бераш уллохь воккханиг а воцуш, лаьтташ йолчу машена чохь дита.
Цул сов, бераш дIасадига магош дац, нагахь уьш лерринчу кхерамазаллан доьхканаш тесначу гIаьнташна чуховшийна дацахь.