ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сбербанк толлуш ю Нохчийчуьрчу шайн декъан куьйгалхочуьнгара Даудов ахча даккха гIоьртина бохург


 Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Сбербанк толлуш ю "Кавказ.Реалии" сайто оцу банкера ахча даккха гIерташ хилла Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад аьлла, баржийна хаам. Цунах лаьцна хаам бина "Дождь" телеканало, Сбербанкан зорбанан сервисана тIетоьвжина.

"Сбербанк карарчу хенахь аьтто болуш яц хIоьттинчу хьолана комментари ян",- билгалдаьккхина зорбанан сервисо.

Нохчийчуьрчу парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд) 30 миллион сом ахча даккха гIоьртина Сбербанкан республикерчу декъан куйьгалхочуьнгара, хаам бинера «Кавказ.Реалии» портало, шен Москох хьастана тIе а тевжаш.

Иза цо дина хилла Мангал-бутт юккъе баьлчхенахь, уллехь Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун когаметта Алаудинов Апти а, Нохчийчоьнан коьрта прокурор Абдул-Кадыров Шарпуди а волуш, Грозный-Сити хIусамехь бизнес-центр чохь йолчу республикан Iедалан ден хьалхарчу когаметтан Закриев Якъубан кабинет чохь.

И нах гаранти яла безаш хилла, Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун Джабраилов Сайд-Мохьмадана дуьхьал тIемалошна накъоасталла дина хила мега аьлла шеко йолуш бехктакхаман гIуллакх долор хиларан, нагахь иза ахча дала реза ца хилахь.

Джабраилов и ахча дала реза а ца хилла, цхьана ханна мукъа денош а эцна садаIа вахана. Амма иза республикера дIаваханчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Iедалша иза сихха федералан лехаме велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG