ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Сбербанкан куьйгалхо лехамашка велла меттигерчу Iедалша


Нохчийчуьрчу Iедалша бехктакхаман гIуллакх долийна Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун Джабраилов Сайд-Мохьмадана дуьхьал. Царна хетарехь, банкиро бакъо а йоцуш, ахчанца схьаэцна дIасаделла цхьа миллиард сов сом. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу МВД-н зорбанан сервисо.

Джабраилов лехамашка велла полицино. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, карарчу хенахь иза лечкъина ву махкал арахьа.

Нохчийчуьра парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд) 30 миллион сом ахча даккха гIоьртина Сбербанкан республикерчу декъан куйьгалхочуьнгара, хаам бинера «Кавказ.Реалии» портало селхана, шен Москох хьастана тIе а тевжаш.

Иза цо дина хилла Мангал-бутт юккъе баьлчхенахь, уллехь Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочун когаметта Алаудинов Апти а, Нохчийчоьнан коьрта прокурор Абдул-Кадыров Шарпуди а волуш, Грозный-Сити хIусамехь бизнес-центр чохь йолчу республикан Iедалан ден хьалхарчу когаметтан Закриев Якъубан кабинет чохь.

И нах гаранти яла безаш хилла, Сбербанкан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун Джабраилов Сайд-Мохьмадана дуьхьал тIемалошна накъоасталла дина хила мега аьлла шеко йолуш бехктакхаман гIуллакх долор хиларан, нагахь иза ахча дала реза ца хилахь.

Джабраилов и ахча дала реза а ца хилла, цхьана ханна мукъа денош а эцна садаIа вахана. Амма иза республикера дIаваханчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Iедалша иза сихха федералан лехаме велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG