ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялта чудерзо буьйлабелла Нохчийчуьра юьртбахамхой


2017-чу шеран алта чудерзо буьйлабелла Нохчийчуьра юьртбахамхой. КIа а, мукх а, хIоъ а хьокхур бу цара 150 эзар гергга гектара тIера. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо.

И белхаш доьлхуш ду тахана республикан ерриг а кIошташкахь. Товбеца-беттан 3-гIа чекхдолуш ялташ чудерзийна 6 эзар гектара тIера.

Говзанчаш дийцарехь, цхьана гектара тIера долу Нохчийчохь юккъерчу барамехь 23,4 центнер ялта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG