ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урамехула буьйллабелла боьлхучу нахана тIе машен тоьхна Бостонехь


Бостон
Бостон

Урамехула буьйллабелла боьлхучу нахана тIе машен тоьхна Бостонехь. И бахьана долуш 9 стаг дIакхачийна дарбанан хIусаме. Цунах лаьцна хаам бина Boston Globe газето, яздо news.rambler.ru сайто.

Бохам хиллачу меттехь таллам дIахьош бу полисхой. Цкъачунна билггала хууш дац хиллачун бахьана.

Тахана Маршонан де даздеш ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Товбеца-беттан 4-гIа де коьрта дезаде ду Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Цу дийнахь 1776-чу шарахь Британино дIакхайкхийра Iамерка йозуш йоцуш хилар.

ТIаьххьара болчу хаамашца, полицино дIахьедар дина Бостонера бохам ларамаза хилла бу, леррина дина зулам дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG