ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан газах Европа йозуш хилар лахдан дагахь ю Iамерка


ХIора денна алсамйолуш йолчу Iамеркан газах политикан гIирсах санна пайда эца дагахь ву Iамеркан президент Трамп Доналд, Оьрсийчонах Европера пачхьалкхаш йозуш хилар лахдеш.

Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, КIайн ЦIанан дIахьедарна тIе а тевжаш.

Ша аьлча, Iамерка вуно аттачу даккха дагахь ю Iамеркан компанешнашайн газ Европе кхачор.

Reuters агенталло дийцарехь, Трамп дагахь ву цунах лаьцна дIахьедар дан кху беттан 6-чу дийнахь Варшавехь хир йолчу "Кхаа хIордан" олучу саммитехь. Оцу тобан юкъахь ю Адриатикан а, Балтин а, Iаьржан а хIордашна гонах Iуьллу 12 пачхьалкх, шайна юкъахь Полша, Австри, Венгри, Латви, Эстони а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG