ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьрбийн пачхьалкхашна жоп делла Катаро


СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхе а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка а, Мисаре а, БахIрейне жоп деана Катарера, цара кхайкхийначу ултиматуман дуьхьал.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу еаъа пачхьалкъо цхьаьне динчу дIахьдарехь, хаам бо Ал-Арабия телеканало.

Iаьрбийн пачхьалкхашна жоп делла Катаро ултиматуман хан чекхъялале. Цуьнан чулацам бовзуьйтуш бац.

СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхо а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташа а, Мисаро а, БахIрейно а ши де хьалха 48 сахьтана яхйинера шаьш Катарна кхайкхийна ултиматум. И сацам бина оршотан Iуьйранна, юкъаралла лелочу Кувейтан дехарца. Катаро (коьрта гIала Доха) жоп дала дезаш яра Товбеца-беттан 3-чу дийнахь Iуьйранна.

СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхо а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташа а, Мисаро а, БахIрейно бехке йеш ю Катар, терроризмана гIортор ярна. И бахьана долуш цара цхьана ханна совцийна шайн Дохаца йолу дипломатин а, экономикан а уьйраш.

Цу еъа пачхьалкхо ултиматум кхайкхийна Катарна "Аль-Джазира" телеканал дIакъовла, ГIажарийчоьнца юкъаметтигаш лелор сацаде аьлла. Цул сов лулахошна хетарехь, Катаро дIакъовла езаш ю шен территори тIехь йолу Туркойчоьнан тIеман база, туркошца тIеман юкъаметтигаш лелор саца а деш.

Туркойчоь тIехIоьттина Катарна цуьнан лулахошца иккхинчу конфликтехь. Кризис йолаеллачул тIаьхьа туркойн авиабазехь дIатарбина керла тIеман ницкъаш а, тIеман техника а.

Катаран лулахой кхерамаш туьйсуш бу, шаьш цунна дуьхьал керла санкцеш кхайкхор ю бохуш.

Дохана хетарехь, Iаьрбийн еъа пачхьалкхо цунна дохкуш долу бехкаш бух боцуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG