ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина президентан хармашкахь дакъалоцур ду шен лааме кандидато санна


Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президент волчу Путин Владимира шен лааме кандидато санна дакъалоцур ду 2018-чу шарахь пачхьалкхан куьйгалхо къастош хир болчу харжамашкахь. Цу тайпа сценарийн йийцаре еш ю Кремло, уггаре хила мегарг санна, хаам бо РБК агенталло.

Цу агенталлан хьасто чIагIдарехь, Путин ондда гIортор йолу ву юкъараллехь, иза вуно шуьйра а ю «Цхааллин Оьрсийчоь» партин йолчул а. И бахьана долуш, аьлла хета РБК-ан хьастана, Путина, гарехь, харжамашкахь дакъалоцур ду "партин цIарах а доцуш, ша шен лааме кандидато" санна.

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хила безаш бу 2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь. Ша Путина харжамашкахь ша дакъалацарх долу хаттар жоп доцуш дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG