ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Варшаван коьртачу майданахь къамел дина президенто Трампа


Эзарнаш Варшаван бахархоша тIараш детташ тIеийцира Красинских майданахь Полшин бахархошка кхайкхам беш вистхилла Iамеркан президент Трамп Донад. Цу махкахь иза дакъалоцуш вара гонахарчу Кхаа хIордан" олучу саммитехь.Оцу тобан юкъахь ю Адриатикан а, Балтин а, Iаьржан а хIордашна гонах Iуьллу 12 пачхьалкх, шайна юкъахь Полша, Австри, Венгри, Латви, Эстони а йолуш.

Полшин махкахошка къамел деш Трампа дагаяийтира цу мехкан истори, цуьнан маршонехьа хилла къийсам.

Iамеркан президенто дIахьедар дира НАТО-н бертан 5-чу артикло ма боххура цхьана декъашхочун тIелатар ерриг а тIеман альянсана тIелатар лоруш хилар лардийр ду Iамерко аьлла. Иза хаза лууш а бара цуьнгара Полшин бахархой.

Трампа кхайкхам бира Оьрсийчоьне Украинера а, кхечу луларчу пачхьалкхашкара а хьал карзахдаккха гIертар сацаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG