ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши "лай" кIелхьарваьккхина Нохчийчохь


"Лайн" хIусам
"Лайн" хIусам

Нуьцкъала болх бойтуш бертаза латтош хилла ши стаг маьршаваьккхина Нохчийчохь аьлла, хаам бина «Комсомольская правда» газето. Царах "лай" олу цу зорбанан гIирсо.

Газето бинчу хаамца, Астраханера Валерий а, Олег а цIе йолу ши стаг латтош хилла нуьцкъала Нохчийчохь Эвтарана гергарчу цхьана кошарехь.

«Лайша» телефонехула гIо дехна «Алтернатива» олучу юкъараллан жигархошка, шаьш латточу Амрутдех шаьш чIогIа кхоьруш хилар а хоуьйтуш.

Волонтираш Нохчийчу а бахана лай маьршабаьхна, Амрутди фермехь воцу хан а ларйина. Соьлж-ГIалахь царна цIена духар а эцна, цара таксица дIахьовсийна уьш Астрахане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG