Ойсхарахь тIекIелдина 4 цIа дан долийна аьлла, хаам бина Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кестта и эвла республикехь уггаре "кхузаманахьлерачех а, хазачех а хир ю" аьлла хета цунна.
4 керла цIа хир ду 116 петарх лаьтташ. Карарчу хенахь царна бух буьллуш бу белхалой, хаам бо Кадыровс.
Цул сов, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, Ойсхарахь шорбеш бу эвлара некъаш, буьллуш бу эвла юкъара лоруш болу коьрта некъ. Цу эвлахь хIинцале а карладаьхна 35 километр некъаш, хаам бо Кадыровс.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...