ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новая газета: Дечкен-баттахь иттаннаш нахана тоьпаш тоьхна хила мега Соьлж-ГIалахь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, ГIура-бутт 17, 2016

2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса, йина кхел а йоцуш, дуккха а нах тоьпаш тоьхна байина Нохчийчохь, яздо Новая газето. Царах 27 стаг цIарца вуьйцу газето Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллерчу а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацерчу а хьасташна тIе а тоьвжаш.

Новая газето дийцарехь, и нах лецна хилла стохка ГIура-баттахь Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа. Газетехь болчу хаамца, цу нахе бехк кховдийна ца хилла, лецна хиларна протоколаш хIиттийна а ца хилла, цуьнан метта уьш чубоьхкина лецнарш латто кечйина йоцучу полицин декъашкахь йолчу цхьацца чоьнашна а, гIишлошна бухахь йолчу меттигашна а.

Амма шайн информаци бух болуш хилар чIагIдеш ши хьаст доллушехь (Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллера а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацера а) шайн аьтто бац и нах байина хилар чIагIда, шаьш доьхург таллам бар ду боху Новая газетан журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG