ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москалькова: Оьрсийчоьнан Талламан комитето талла болина Нохчийчохь нах байина боху хаам


Оьрсийчуьра омбудсмен Москалькова Татьянас.
Оьрсийчуьра омбудсмен Москалькова Татьянас.

Оьрсийчуьрчу омбудсмено Москалькова Татьянас хаам бина, Нохчийчохь адамаш дайина аьлла Новая газетера кехат кхачарца ша иза талла аьлла дехар дина талламан комитете аьлла. Цу комитетан белхахоша таллам болийна боху цо.

Москальковас дийцарехь, талламан дуьххьарлерчу жамIашца Новая газетан артиклехь буьйцучерах ши стаг вехаш ца хилла Нохчийчоьнан территори тIехь.

КIирандийнахь Новая газето хаам бина, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса, йина кхел а йоцуш, дуккха а нах тоьпаш тоьхна байина Нохчийчохь аьлла. Царах 27 стаг цIарца вуьйцу газето Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллерчу а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацерчу а хьасташна тIе а тоьвжаш.

Новая газето зорбане яьккхинчу артикална комментари йина Нохчийчуьрча Iедалан векло Умаров Джамбулата. "Дождь" телеканалана еллачу интервьюхь цо чIагIдо цу тIехь дерг харц ду бохуш. Цунна хетарехь, Новая газетан артикал политикан чулацам болуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG