ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-Тани: Къатаро ловр ю экономикан блокада


Къатаран Коьртачу Банкан куьйгалхочо бин СаIуд Ал-Тани Ал-Тани Iабдуллас шайн пачхьалкх муьлхха а экономикан гIоьмаш лан торуш ю, аьлла CNBC-на интервью луш.

$40 миллиард ахча а, $300 миллиардна деши а ду Банкан, боху Ал-Танис.

Бахначу беттан юьххьехь дипломатин гергарло хадийра Къатарца Мисаро, СаIуда Iаьрбийчоьно, БахIрейно, Эмираташа, Мавританино, Йемено, Либино, Малдиваша, Маврикино, Коморан гIайреша.

Оцу мехкаша бехкейо Доха терроран тобанаш тIекIаярца а, ГIажарийчоьнца зIенаш кхабарца а. Къатаро даре ца до иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG