«Украинехь цкъа а ца хилла, дан а дац Оьрсийчоьнан эскарш», - аьлла Путинан пресс-секретаро Песковс, НАТО-н инарла-секретаран дешнашна жоп луш.
Оьрсийчоьно шен эзарнаш салтий арабаха беза Украинан лаьтта тIера, элира Столтенберг Йенса оршоьтадийнахь.
РИА Новости агенталло далийна Песковн дешнаш.
Украино, Европан Берто, Iамеркан Штаташа дуккхаза а далийна Украинехь тIемаш бечу сепаратисташлахь Оьрсийчоьнан эскархой хиларх долу тоьшаллаш.