ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь талламча вийна Исрапилов валийна кхеле


Дагестанан вахархо Исрапилов ТIахIир кхеле озийна мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лакхара талламча Хулатаев Юнус верна а, кхин а цхьацца зуламаш дарна а.

2010-чу шарахь тIемалошлахь лелачу Исрапиловс а, цуьнан накъосташа а, Хулатаевн воIца бертахь, церан цIенна чу а бевлла, 1 миллион 300 эзар сом а, мехала хIуманаш а яьхьна.

Шаьш дIадахале Исрапиловс герз диттина вийна Хулатаев Юнус, хаамбина "Кавказ.Реалиига" Дагестанан талламан комитетан векало Темирбеков Расула.

7 шо хьалха зулам деш Исрапилов ТIахIирца хиллачех шиъ вийна хенан йохалла, кхин шиъ набахтехь ву. Да вуьйш декъаваханарг а ву набахтехь шена тоьхна 15 шо хан токхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG