ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

300 миллионна мехкан бахам бохкар толлуш лаьцна ХIирийчохь вице-премьер Iийнарг


Бозбуанчийн тоба а кхоьллина, 300 миллион сом мах болу махкарчу индустрин бахам дIабохкар толлуш цIеравала дихкина Къилбаседа ХIирийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс лаьттинчу Бзаров Валентинна, хаамбо REGNUM агенталло, мехкан полицина тIе а тевжаш.

Иштта, цIахь лаьцна латтаво цуьнца цхьаьна пачхьалкхан хьал доладерзорна талламчаша бехкевина ши стаг а.

Мехкан индустрех, транспортах, гIишлошхIитторах, бизнезас жоп луш вара министрийн кабинетехь Бзаров.

Бзаровс вовшахтоьхначу тобано, индустрин хьукматаш дакъошка а йохуш, коммерцин фирманашна йохкар толлуш ду, дIахьедина полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG