ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Милашинас жоп делла нохчийн журналисташна


Газета а, цуьнан белхахой а бехкебарал хьалха «Новая Газето» дуьйцу факташ бакъ ду я дац талла деза Нохчийчоьнан яздархойн юкъаралло, аьлла журналисто Милашина Еленас «Эхо Москвы» радиоца къамелдеш.

«Царна тхуначул а атта ду дай-наношца къамелдан, оха хьехораш дийна бу я бац, уьш стенгахь бу, талла» - аьлла журналисто.

Нохчийчуьрчу харцонех яздар «Новая Газето» дуьтур ду, оцу махкахь «адамийн бакъонаш хьешар сацийча», Iедал шена ен критика лан Iаьмча, хьал тодан доладелча, аьлла ду Милашинан жоп.

Маршо Радионо хьалхо довзийтира Нохчийчоьнан журналистийн юкъаралло дина дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG