ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гардалоев Iалавди ву Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан коьртехь


Нурадилов Хампашин цIарахчу Нохчийчоьнан драмтеатре гулбеллачу Оьрсийчуьрчу а, махкарчу а хьаькамашна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан керла куьйгалхо вовзийтина Кадыров Рамзана – Гардалоев Iалавди.

Ша дукхазза а кхайкхийра хьалха хиллачу мехкан коьртачу кхелахочунна резавацар, доккха баркалла олу президентна Путинна «оццул лараме стаг» Лакхарчу кхелан куьйгалхочунна дарже ваийтарна, «бакъдерг тIедели эххара а», элира мехкан куьйгалхочо.

2008-чу шарахь Шелан кIоштан кхелехь болхбан волавалларх ву кхелан системехь Гардалоев Iалавди.

Цул хьалха хиллачу Лакхарчу кхелан куьйгалхочунна Мурдалов ТIахIирна еттарх а, парламентан спикеро Даудовс («Лорда») иза даржера эккхош лелийначух а лаьцна дукккхаза а дийцина Маршо Радионо яхначу гурахь а, Iай а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG