Москох арбитражан кхеле дов чуделла Германерчу Siemens концерно.
Цо Оьрсийчуьра кхо компани («Технопромэкспорт», «Технопромэкспорт», «Сименс технологии газовых турбин») бехкейо ша рахецна газан турбинаш Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирме хьовсорна. Дов чуделла оршотдийнахь, хаамбина концернан пресс-векало Вольфрам Троста.
Reuters агенталло кIира гергга хьалха, турбинаш ГIирме хьийсийна аьлла даржийча, «Ростех» урхаллах йолчу «Технопромэкспорто» жоп делира, уьш ша Оьрсийчохь а эцна, царна меттигерчу компанийн гIоьнца модернизаци а йина, аьлла.
«Модернизацин барамаш, и турбинаш Siemens-о йина ала a доцуш боккха бу, иза кхин продукци ю хIинца», - аьлла проектца йозучу хьастано, яздо РБК агенталло.
Siemens-о ша турбинаш Краснодар махкахь дIахIиттон йинера, шен лаамца яьхна яц ГIирме дехьа, уьш цига хьовсор яц бохучух ша компаньонаша маситтаза тешийнера, аьлла.
Шинарийдийнахь Германин векало фон Фрич Рюдигера Оьрсийчоьнан Iедале дехна, Евробертан санкцеш а ца лоьруш, Siemens-ан турбинаш ГIирме кхачор таллар. Хиллачо «доккха тохар дан тарло Оьрсийчу инвестицеш хьийсоран хьелашна», аьлла фон Фрича.