ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеста керла цIерпоштан вокзалаш хир ю Соьлж-ГIалахь а, Гуьмсехь а


Соьлж-ГIалахь а, Гуьмсехь аьчканекъан вокзалаш яхка дагахь ю Оьрсийчоьнан аьчканекъийн урхалла, дIахьедина оцу хьукматан дирекцин куьйгалхочо Вотолевский Виталийс шен Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь хиллачу къамелехь, даржийна ТАСС агенталло.

«Гуьмсехь и болх беш бу. Ткъа Соьлж-ГIаларчу вокзалан проект коьртачу архитекторца йийцарейина, 3000 еакъов метр хир бу цуьнан юкъара барам, технологеш а хир кхузаманан», - аьлла Вотолевскийс.

Соьлж-ГIалахь таханенна лаьтта вокзал дIахарцор ю, цуьнан меттехь ян йолор ю керланиг тIейогIучу бIаьста, билгалдаьккхира Вотолевскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG