ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинах а кхоьруш йоцу "борзота" йохош ву Бастрыкин


Бастрыкин Александран омрица зераш долийна Талламан комитетехь. Царна бухбиллинарг дара президенте Путине Нижни Тагилерчу йовхонна изоляцеш кечъечу индустрин декъан белхахоша шайна алапа ца ло аьлла арз дахьийтар. «Ша Путина шайга деххалц, шаьш алапа лур дац боху хьаькамаша», - яздора арздечара.

Путина ткъеха де хьалха Свердовск-мехкан губернатор Куйвашев Евгений декхаревира хьал талла а, белхалошка иштта къамелдан яьхьначу «борзота» листа а. Оццу дийнахь хьал талла долор ду ша, дIахьедира пачхьалкхан Талламан комитетан коьртачу урхаллачас Бастрыкина а.

Оцу зерийн лорах Бастрыкина даржера вохийна хеннахь алапа цадалар таллаза дитина волу Свердловск-мехкан талламан комитетан коьрта хьаькам инарла-лейтенант Задорин Валерий.

Талламан комитетан векало Петренко Светланас бинчу хаамца, Нийжни Тигилерчу белхалошна хенахь алапа цадалар толлуш ду, таIзарш кхачор ду кхиболчу хьаькамашна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG