ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь инфляци естайо ...догIанаша


Кху муьрехь инфляци тIех сиха кхиа йолар (0б%) Оьрсийчоьнан Юкъарчу Банкан ахчан-кредитийн политикан департаментан директоро Дмитриев Игора ша баржийначу талламехь дузу хIара аьхке шийла ярца а, стоьмийн, хастоьмийн мехаша тIех бистина хиларца а.

«Бошмийн продукцин мах 8,3% лакхабевлла. Иза аьхка хуьлуш хилла сурт дац. Оцо шеран инфляцин терахьаш а дестийна», - боху зераша.
Дмитриевс дечу зераша бахарехь, дукхахболу стоьмаш тIахьа бевр бу базаршка. ТIаккха бен лахдала а дуьйлалур дац церан мехаш.

Амма Оьрсийчохь шелонаш кхидIа а латтахь, мехаш охьадевр дац, цул сов, тIедогIучу шеран экономикан хьелех а хьакхалур ю инфляци, боху Дмитриевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG